Нохчийн меттан денна лерина цхьанакхетар
24.04.2025Оханан беттан ткъе шолг1ачу дийнахь Шелковски к1оштан Муниципальни бюджетан йукъардешаран учреждени ,, Курдюковски йуккъера йукъардешаран ишкола"Лакхахь хьахийначу ишколехь д1адаьхьира Нохчийн меттан денна лерина цхьанакхетар. Цу цхьанакхетарехь дакъа лецира нохчийн меттан 1илманчас Амаев Юсупа, Союза декъан йаздархоша Янсуков Казбека, Байсагуров Супьяна.Йаздархоша бовзийтира шайн кхоллараллин некъ, дийцира шаьш йазйинчу книгех лаьцна.Цара дешархошна т1едиллира нохчийн къоман меттан сий дар, иза 1амор. Амаев Юсупа билгалдаьккхира, ненан мотт вайн къомана даима коьрта а, сийлахь а хила безар.-- Вайн къомо бен ца олу шайн маттах ,,Ненан мотт" - т1етуьйхира цо.Байсагуров Супьяна шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн маттаца бен кхиа йиш йац культура, къам,-аьлла. Вайн г1иллакхаш къоначу чкъуро ца лелийча, мотт нийса ца бийцича, къам дуьнена т1ера довр ду. Цхьанакхетар дерзийра, суьрташ дахарца. Янсуков Казбека шен книгийн совг1аташ делира ишколан библиотекана, нохчийн меттан хьехархошна. Даггара баркалла ала лаьа баьхкинчу хьешашна. Дала т1аьхье беркате йойла!